Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Харцделанашна а тІулгаш дІа ма хІиттаделаш. Иза шун Везачу Далла цадезарг ду». Ахьа Мисар-махкара кемсийн таьлланг схьаеара, халкъаш дІа а лаьхкина, и таьлланг дІаюьйгІира Ахьа. Цуьнан дуьхьа меттиг дІацІанйина Ахьа, ткъа цо шен орамаш охьадахийтира, иштта латта хьаладуьзира. Лаьмнаш цуьнан ІиндагІо дІахьулдира, цуьнан гаьннаша сийлахь баганан-дитташ кхелира. Цу таьлланго шен гаьннаш Дуьненаюккъерачу хІордана тІе кхаччалц дІадахийтина, иштта шен синтарш а Эпрат-хина тІе кхаччалц дІадахийтина. Аса-Айса хьо юьйгІира, тоьлла таьлланг санна, ма тешаме кемсийн хІу дара хьо! Муха хилла хьох вон хьожа йогІу акха а, хийра а кемсийн таьлланг? Хьайн гІаланаш мел ю, деланаш а бу хьан, ЯхІудан халкъ, ткъа Ярушалаймехь хьан урамаш мел ду, дегаза харцдела волчу оцу БаІална сагІа доккху меттигаш кечйина ахь“. ТІаккха соьга Везачу Элан дош кхечира: «Адаман кІант! Кемсийн таьлланг муха тоьлур ю кхечу диттийн гаьннел? Хьуьнхахь хуьлучу кхечу дитташна юкъахь иза цхьа бен ма яц, и кемсийн таьлланг? Хьоьга цхьа а пайден хІума ялур юй кемсийн таьллангах? Цунах хьостам балур буй, цу тІе хІума хьалаолла? Адамаша и таьллангаш цІера юкъа кхуьссу. Иза шинна а юьхьигна тІера дика яьгча, га юккъера Іаржделча, цхьана хІуманна пайденна юй те иза? Дагаза долчу хенахь а дацара иза цхьанна а хІуманна пайденна, ткъа хІинца-м, иза цІеро, дага а дина, Іарждиначул тІаьхьа, муххале а дац пайденна». ТІаккха, тІехволучу хенахь Суна гира хьо, хьайн цІийш юкъахь керчачу хенахь. Хьо иштта Іуьллуш гича, Ас элира хьоьга: ‹Яха хьайна!› ХІаъ, хьо цІийш юкъахь Іуьллуш гича, Ас элира: ‹Яха хьайна!› Эрна арахь тІедолучу зезагна санна, Ас хьалакхиа гІо дира хьуна. Хьо, йоккха а хилла, исбаьхьа хаза хилла дІахІоьттира: хьан накхош хьалаайаделира, хьан месаш яхъелира, амма хьо, тІекхоьллина хІума йоцуш, ерзина яра. Юха, тІехволучу хенахь Суна гира хьо – хьо безамна кийча яра. Ас Сайн бедарш тІеозийра хьуна тІехула, хьан ерзина хилар дІа а хьулдеш. Ас чІагІо йира хьан хила, иштта Ас хьоьца барт а бира. ТІаккха хьо Сан хилира’“. Иштта элира Хьалдолчу Эло. „Ас хьуна тІе хи а кхерзина, цІий дІадаьккхира, тІаккха хьуна тІе даьтта хьаькхира. Ас хьуна тІе хаза тІамарш йолу коч юьйхира, тІаьрсиган кІархаш а буьйхира, дуткъачу кІадин йовлакх коьрта тІе а тиллира, чилланан тІекхуллург а елира. Аса хьуна хаза жовхІарш а делира, пхьаьрсех хІазарш а доьхкира, коча исбаьхьа туьтеш а тесира. Ас мерах йолла чІуг а елира хьуна, лергех тийса чІагарш а, иштта коьрта тІе тилла исбаьхьа таж а делира хьуна. Хьо чІогІа хаза яра хьайн дашочу а, даточу а хІуманашца, дуткъачу кІадих а, чилланан кІадих а, тир яьккхинчу кІадих а йинчу бедаршца. Хьан даар уггар а дикачух дара – уггар а дикачу демах дина бепиг а, моз а, даьтта а. Хьо чІогІа хазъелла дІахІоьттинера, зуда-паччахьах тар а елла. Хьан цІеяхана хилар дерриг а къаьмнашна юкъахь даьржира, хьо хаза йолу дела. Хьо чІогІа хаза яра, Ас Сайн сийлаллица хьо хазйина хилар бахьана долуш“. Иштта боху Хьалдолчу Эло. ДІаала цаьрга: „Хьалдолчу Эло шуьга боху: ‘Айса Исраилан халкъ хаьржинчу дийнахь, Якъубан тІаьхьенах болчарна тІе айдинчу куьйгаца Аса чІагІо а йора, царна Со дІа а вовзуьйтура Аса Мисар-махкахь. Сайн куьг хьала а айина, Аса элира: ‹Со шун Веза Дела ву›. Цу дийнахь Ас царна дош делира, уьш, Мисар-махкара ара а баьхна, Айса церан дуьхьа теллинчу лаьтта тІе дІабига, уггар хазачу, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу лаьтта тІе. Оццу кепара исраилхоша дукха хан йоккхур ю шайн коьртехь я паччахь, я эла воцуш, я сагІанаш, я деланашна хІиттийна тІулгаш а доцуш, деланийн лаам билгалбаккхархьама я ийпад, я цІуш а боцуш. Бакъду, Эпрайма дуккха а къинах долу сагІа доккху меттигаш кечйина, амма уьш цунна къа латоран меттигаш хилла дІахІиттина.
Выбор основного перевода