Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Ахь тхан кортош тІехула мостагІа ластавайтира. ЦІерах а, хих а тхо чекхдевлира, ткъа Ахь тхо маьршачу метте арадехира. Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: ‘Аса аьчка дукъ дуьллур ду цу массо а къаьмнийн коча, уьш Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецаран куьйга кІелахь хилийта. Уьш цунна гІуллакх деш лелар ду. Аса аренан акхарой а цунна дІаелла’“». Суна билггал хезна Эпрайман халкъ леткъаш: „Аьрха эса санна, со нисдина, Ахь со кара ма Іамийнера! ХІинца со юхадерзадехьа, тІаккха со Хьуна тІе юхавоьрзур вара, хІунда аьлча Хьо сан Веза Дела ву. «Шу, сакъералуш, ирсе лелаш дара, Сан латта дІалацарна. КІа оруш долу дуьхьарг санна, сакъералуш а, кхиссалуш а дара шу, тІемалойн говраш санна, терсаш дара шу. ХІунда аьлча Исраилан халкъ, аьрха эса санна, къар ца ло. Цундела Везачу Эло дажор дуй те иза хІинца шуьйрачу дежийлахь, уьстагІий санна?
Выбор основного перевода