Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Яьссачу арахь а шуна изза гинера. Шаьш кху меттиге схьакхаччалц аша бинчу новкъахь, адамо шен бер санна, шу леладора шун Везачу Дала, шуна гина ма-хиллара“. Шен бене хьоьжу аьрзу санна, кІорнешна тІехула хьийза аьрзу санна, Везачу Эло Шен тІемаш дІасадаржадо, тІемаш тІехь Шен халкъ лелорхьама. Везачу Эло Ша леладора Шен къам. Цуьнца кхечу къоман дела вацара. Амма Іамминхойн паччахь Нахьаш шайна дуьхьалваьлла гича, аша соьга элира: „Паччахье паччахьалла дайта тхуна тІехь“, – Веза Дела шайн Паччахь воллушехь! Ша сол тоьлла ма олийла сан мостагІчо! Со эшна аьлла, хаза ма хетийла суна тІаьхьа бевллачарна. ЛадогІа Соьга, Якъубан тІаьхьенах дерш – Исраилан халкъах дийна мел диснарш. Ненан кийрара схьадевлчхьана дуьйна, Ас карахь лелийна ду шу. Адамийн дикаллин тІийрагашца Аса уьш тІеийзабора, безаман машшашца Аса уьш лелабора. Церан вортана тІера дукъ хьалаойура Аса. Охьа а таьІна, уьш кхобура Аса.
Выбор основного перевода