Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Іесачу стага йоккху ял стаг левеш йоккху, амма, лаьтта тосу хІу санна, нийсо тосучун совгІат чІогІа лаьтта. Ас хи доссор ду хьогах долчу лаьттана, татолаш хоьцур ду екъачу аренашка. Ас Сайн Деза Са хьан берашна тІе доссор ду, Сан декъалдар хоьцур ю хьан тІаьхьенашка. Лакхахь йолу стигалаш, хин тІадамаш санна, мархаш, догІа санна, нийсо яийтийша охьа. Лаьтто, дІаса а делладелла, кІелхьардовлар кхиадайта, цуьнца цхьаьна нийсо а хьалаялийта! Ас, Везачу Эло, кхоьллина иза». Лаха Веза Эла Иза каро мегачу хенахь. Кхайкха Цуьнга, Иза уллохь волчу хенахь. Везачу Эло ЯхІудан а, Исраилан а халкъашка боху: «Шайн латта аха, коканаш юккъехь хІу а ма де. Веза Эла вовзий вайна. Иза кхин а алсам вовза гІерта вай. Цуьнан гучувалар, цІийъелла Іуьйре санна, билггала ду. Керлачу дахарца вогІур ву Иза вай долчу, Іаьнан догІа санна, бІаьста деанчу догІано латта тІадор санна». Иштта шу, Якъубан тІаьхьенах дерш, шайн Далла тІедерзийша! Безамца лелийша, нийсо лелаейша, шайн Деле даим сатийсийша!
Выбор основного перевода