Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Бохам болчуьра исраилхой дІагІахь а, уьш Мисар-махко схьагулбийр бу. Нуп-гІалин лаьттахь дІабухкур бу уьш. Ниттийн дола евр ю церан детин хІуманаш. Коканийн кІохцалш девр ду церан цІенош тІехь. Эпрайман халкъ охьатоьхначу диттах тера ду: цуьнан орам бакъабелла, цо кхин стом лур бац. Ур-атталла цара бераш дахь а, церан кийрара схьадевлларш хІаллакдийр ду Аса, мел хьоме уьш царна делахь а». Баккъалла а, кестта оцу халкъо эр ду: «Вайн паччахь вац, Везачу Элах вай ца кхийрина дела. Паччахьо а хІун дийр дара вайна?» Изза дийр ду шуна, ва Беталан бахархой, барам боцуш аша летийначу къиношна. Аса паччахь велира хьуна Со оьгІазвахханчохь, ткъа, Со дарвелча, схьа а ваьккхира иза.
Выбор основного перевода