Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Кхеталаш хІокхунах, Дела вицвинарш, Соьга шаьш хьийза ца дайтархьама, шу кІелхьардохург ца хиларна. ХІунда аьлча Эпраймана Со лом санна хир ву, ткъа ЯхІудана къона лом санна хир ву. Со, уьш цеста а цистина, дІагІур ву, Аса уьш Сайца дІахьур бу. Цхьаммо а кІелхьарбохур бац уьш. Везачу Эло боху: «Цийонан йоІ, хьалагІатта, ялта ара! ХІунда аьлча Ас, аьчка маІаш а, цІестан бергаш а йолу сту санна, онда хуьлуьйтур ю хьо. Ахьа дукха халкъаш хІаллакдийр ду. Ахь цара нахера дІадаьккхинарг а, церан хьал а дерриге а дуьненан Олахо волчу Везачу Элана дІалур ду». ЯхІудан халкъ майра тІемалой санна хир ду, тІамехь, урамашкара хатт санна, мостагІий хьоьшуш долу. ТІом бечу хенахь Веза Эла шайца волу дела, цара ур-атталла мостагІийн дошлой эшор бу, уьш юьхьІаьржачу а хІиттош.
Выбор основного перевода