Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Харцделанашна а тІулгаш дІа ма хІиттаделаш. Иза шун Везачу Далла цадезарг ду». Цуьнан латта цІуша дуьзна, шайн куьйгаша бинчу царна Іибадат деш бу и нах. Шайн куьйгашца кечйинчу сагІа доккхучу меттигашка, гІо а дезаш, хьовсур бац уьш. Иштта уьш тешарца хьовсур бац шайн пІелгашца динчуьнга – Ашера-далла лерина долчу дечиган бІогІамашка а, хаза хьожа йогІу хІума яго кхерчашка а. Оццу кепара исраилхоша дукха хан йоккхур ю шайн коьртехь я паччахь, я эла воцуш, я сагІанаш, я деланашна хІиттийна тІулгаш а доцуш, деланийн лаам билгалбаккхархьама я ийпад, я цІуш а боцуш. И де тІекхаьчча, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Ас дІайойур ю кху лаьтта тІера цІуйн цІераш, уьш кхин дагаоьхур бац. Ас иштта махка тІера дІабохур бу харцпайхамарш а, цІушна Іамал ян лаар а дІадоккхур ду.
Выбор основного перевода