Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Шун латта дассаделла, гІаланаш цІеро ягийна, шун кхаш хийрачу наха дассош ду шун бІаьргашна хьалха. Дерриг а дассаделла, Дела хийрачу нахана тІелетча санна. Церан чІагІйина гІаланаш, ясса а елла, хьаннашкахь а, лаьмнаш тІехь а йолчу харцорех тера хир ю. Оцу гІаланашна чуьра нах дІабевдда, исраилхой махкана тІелеттачу хенахь. Цигахь дерриге а дассийна хир ду. «Исраилан халкъо паччахьан гІишлош дІахІиттийна, ткъа ша ДІахІоттийнарг цо виц ма вина. Амма Аса церан гІаланех цІе тосур ю, ткъа оцу цІеро церан паччахьан гІишлош дІакхоллур ю». тІеман гІовгІа ер ю хьан халкъана дуьхьал, хьан массо а чІагІонаш йохийна хир ю, тІеман дийнахь Шалман-паччахьо Байт-Арбел-гІала йохийча санна, шайн берашца наной хьаьшначу хенахь. Цо онданиг хІаллак а во, цуьнан гІап йоха а йо.
Выбор основного перевода