Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Сан хьехам, догІа санна, охьаоьхур бу, сан къамел, тхи санна, охьадогІур ду, сеналлина тІе догІу дерз санна хир ду, бацана тІе кхевсина догІа санна хир ду. Церан терахь цу хенахь дуккха а ца хилла, кІезиг а болуш, уьш махкахь тІебаьхкина Іаш хилла. Уьш дІаоьхура цхьа къам долчуьра важа къам долчу, цхьана пачхьалкхера кхечу халкъан пачхьалкх йолчу. Везачу Эло иштта боху: «Сайх дІаберзарх уьш тобийр бу Аса. Сайн лаамца безалур бу Суна уьш, Сан оьгІазалла царна тІера дІаяьлла дела. Ас Якъубан цІа билггал схьагулдийр ду. Ас Исраилан халкъах диснарг а билггал схьагулдийр ду. Аса уьш, жоьлахь уьстагІий санна, даьхнин кертахь жа санна, цхьаъ а дина, цхьаьнатухур бу. Цара шаьш дукха хиларна гІовгІа йоккхур ю».
Выбор основного перевода