Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Цу халкъан латта детих а, деших а дуьзна ду, дагар ца даллал хазнаш ю цуьнан, латта дІалаьцна говраш а ю, ягар ца яллал гІудалкхаш а ю. Шайца хІара дешнаш схьа а эций, Везачу Элана юхадерзийша. Иштта алийша Цуьнга: «Гечдехьа тхан массо а къиношна, тІеэцахьа тхан дохкодовларан доІа, ткъа оха Хьуна хастамийн сагІанаш дохур ду. Ас Эпрайм-махкара тІеман гІудалкхаш дІайохур ю, Ярушалайм-гІалара тІеман дой дІадохур ду, ткъа тІеман Іад кагдина дІадаьккхина хир ду. Оцу паччахьо халкъашна машар дІакхайкхор бу. Цо олалла дийр ду цхьана хІорда тІера вукху хІордана тІе кхаччалц а, Эпрат-хина тІера дуьненан йистошка кхаччалц а.
Выбор основного перевода