Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Ткъа Хушин вара Намрад цІе йолуш кІант, иза чІогІа ницкъ болуш кІант а вара. Намрад-пачхьалкхана юкъайогІуш хилла юьхьенца Бавел, Эрахь, Аккад. Уьш ерриш ШанІар-аренна тІехь яра. Иштта цу махкара ваьлла Ашур. Цо хІиттийна Нунав-гІала а, Рехьабат-гІала а, Калахь а, ТІаккха хІара хилира: Везачу Элан Малико, дІа а дахана, Ашурхойн эскаран меттаматтара цхьа бІе везткъе пхи эзар стаг хІаллаквира. Дийна бисина болу ашурхой Іуьйранна хьалагІевттича, царна лаьттахь Іохку декъий гира. Ашурхойн паччахь Санхьариб, юха а ваьлла, Нунав-гІала веара. Цигахь иза сецира. Мичахь бу хІинца лоьмийн бен а, лоьмийн кІорнеш кхобуш йолу меттиг а цхьаммо а ца кхерош лом-нана а, лоьман кІорнеш а лелла йолу? КІорнеш тоъал юзорхьама катухура лоьмо, лом-нанна кхача балархьама са дукъадора, шен хьехаш ижух а юзуш, оьрнаш катоьхначух а дузуш. «ХІинца Со ву хьуна дуьхьалваьлла! – боху Везачу Эло. – Хьан гІудалкхаш Ас кІур бина ягор ю. Хьан лоьман кІорнеш туьро юур ю. Хьан хІонс а дІайоккхур ю Ас лаьтта тІера. ХІинца чул тІаьхьа кхин хезар дац хьан геланчийн аьзнаш». Шен куьг къилбаседехьа а кховдийна, Цо Ашур-мохк хІаллакбийр бу. Нунав-гІаланах, яссийна саьлнаш а йина, гІум-аре санна, екъа меттиг йийр ю.
Выбор основного перевода