Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Рахьал кхелхира. Эпрати-гІала (я Байтлахам) боьдучу новкъахь дІайоьллира иза. Паччахьан дарж ЯхІудах дер дац, цуьнан тІаьхьенан карахь гуттар а хир ю олалла гойтуш йолу гІаж, иза Шилун-гІала дІакхаччалц а, халкъаш цунна муьтІахь хиллалц а. ЯхІуд-махкарчу Байтлахам-гІалара волчу эпратхочун Юшайн кІант вара Дауд. Юшайн бархІ кІант вара. Шаул паччахьан даржехь волчу заманчохь Юшай чІогІа хан яьлла стаг вара. Иза мичахь хуьлу, мичахь дІалечкъа дикка хьовса. Цунах билггала бакъдерг дахьаш схьадуьйла. ТІаккха со а вогІур ву шуьца. Иза кху лаьтта тІехь велахь, аса лохур ву, массо а ЯхІуд-махкахь болчу доьзалшна юкъахь лаха везахь а». Хьалдолу Эла! ТІаьхьенашкара тІаьхьенашка тхо Іаш йолу меттиг ю Хьо. Лаьмнаш дуьнен чу довлале, дуьненан латта Ахьа кхоллале, азалера абаде кхаччалц Хьо ву Дела. ХІунда аьлча вайна бер дина – кІант велла вайна. Олалла хир ду Цуьнан белшаш тІехь. Цунна цІе туьллур ю: Тамашийна Хьехамча, Нуьцкъала Дела, Гуттар а волу Да, Машаран Эла. Цуьнан олалла дІасадаьржаш хир ду, цу чохь машар даим лаьтташ хир бу. Даудан тІаьхьенах волу паччахь санна цо шен пачхьалкхана тІехь куьйгалла дийр ду. И пачхьалкх дІа а хІоттийна, цунна тІехь паччахьалла дийр ду цо нийсонца а, диканца а, хІинца дуьйна абаденналц. Массо а ницкъийн Везачу Элан эмгаралло кхочушдийр ду иза. Веза Эла вовзий вайна. Иза кхин а алсам вовза гІерта вай. Цуьнан гучувалар, цІийъелла Іуьйре санна, билггала ду. Керлачу дахарца вогІур ву Иза вай долчу, Іаьнан догІа санна, бІаьста деанчу догІано латта тІадор санна». „Хьо а, ЯхІуд-махкара Байтлахам-гІала, ЯхІудан махкарчу сийлахьчу гІаланаш юкъахь лахара яц. Хьан махкара вер ву, Сан Исраилан къоман куьйгалхо хилла дІахІуттун верг!“» Юсуп а вахара Галилайн махкарчу Назарт-гІалара ЯхІуд-махка Дауд-паччахь винчу Байтлахам-гІала, хІунда аьлча иза Даудан цІийнах схьаваьлла вара. Юьхьанца Дош дара. И Дош Делехь дара. И Дош Дела дара. «Делан Йозанаш тІехь а аьлла дацара Дала леррина Къобалвинарг, Дауд-паччахь схьаваьлла волчу Байтлахам-гІалара а волуш, Даудан хІух хир ву?» Хууш ду, вайн Веза Эла ЯхІудан тайпанах схьаваьлла хилар. Ткъа Мусас хІумма а ца аьлла цу тайпанах болчу динан дайх лаьцна.
Выбор основного перевода