Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Хьалдолчу Эло Ша лур ю шуна билгало: „ЙоІа, берах а хилла, кІант вийр ву, цуьнан цІе Іимануал туьллур ю. Цу хенахь Исраилан халкъах бисина болу, Якъубан тІаьхьенах кІелхьарбевлла нах шаьш эшийначух кхин тешна Іаш хир бац. Церан дегайовхо билггал Везачу Элах, Исраилан Везачух, хир ю. Халкъах жима дакъа юхадоьрзур ду, Якъубан тІаьхьенах бисинарш – Нуьцкъалчу Далла тІе боьрзур бу. ХІордан гІум санна, дукха нах хьан хиллехь а, Исраил, царах бисинарш бен Далла тІе боьрзур бац. Халкъ хІаллакдан сацам бина, нийса таІзар къомана тІехдер ду. Муха дІалур ду Аса хьо, Эпрайман халкъ? Муха дуьтур ду Аса хьо, Исраилан халкъ? Удам-гІалина диннарг дийр ду те Аса хьуна? Я Цхьабайма-гІалина диннарг дийр ду те? Сан дог меттахдаьлла, мел болу къинхетам самабаьлла. Ас астагІчарах халкъан дисина дакъа дийр ду, ткъа генна дІасабаржийначарах онда ницкъ болу халкъ дийр ду. Везачу Эло Цийон-ломахь олалла дийр ду царна тІехь оцу хенахь дуьйна абаденналц. Стенна хьоькху ахь и шийла мохь? Паччахь вац ткъа хьан? Я хьо цхьа а хьехамча воцуш-м ца йисина, берах хьийзош ерг санна, лазарша сел чІогІа дІалаццал? Цийонан йоІ, холчу хІотта, бер дечу зудчо санна, лазарех баланаш хьега, хІунда аьлча хьо хІинца, гІалара ара а яьлла, аренгахь ехар ю. ТІаккха хьо Бавел-гІала кхочур ю. Хьо цигахь кІелхьаръер ю. Везачу Эло хьо цигахь хьан мостагІийн мехах карара паргІатйоккхур ю. Вайн сийлахьчу дайн тІаьхье – уьш ю. Адамаш дуьнен чу адамех схьадовларе терра, Дала леррина Къобалвинарг а ву царах адам санна дуьнен чу ваьлла. Иза массо а хІуманна тІехь волуш волу Дела ву, ткъа Цунна даим а хастам хуьлда! Амин! И зуда берах яра. Бер дан хьийзочу лазаршна, цо мохь хьоькхура.
Выбор основного перевода