Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Везачу Элан лаам ца хилча, кху лаьтта тІе вогІур варий со иза хІаллакдан? Ша Везачу Эло элира соьга: ‘Ваха а гІой, хІокху махкана тІе а латий, иза хІаллакбе’“». ХІорда тІера хІорда тІе кхаччалц, Эпрат-хина тІера лаьттан йисте кхаччалц цо паччахьалла дийр ду. Веза Эла ларар цунна тамехь хир ду. БІаьргашца гиначуьнга хьаьжна, цо гІуллакх къастор дац, лергашца хезначуьнга хьаьжна, цо нахана кхел йийр яц. Къечарна кхел нийсонца йийр ю цо, лаьттан гІело хьоьгучеран гІуллакх догцІеналлица къастор ду цо. ГІаж санна, багара схьадолучу шен дешнашца цо лаьттана еттар ю. Балдашкахула схьайолучу шен Іаьнарца цо Іесанаш бойур бу. Нийсо цуьнан хенаш тІера доьхка санна хир ю, тешаме хилар цуьнан юкъах долу доьхка хир ду. Цо Іалашдийр ду Шен жа, Іуьно санна. Іахарий караоьцур ду Цо, уьш Шен дага уллохь лелор ду. Узуш дерш а лерина Іалашдийр ду Цо. Везачу Эло боху: «Хьовсал, Сан Ялхо Ша дечунна тІехь кхиам болуш хир ву. Иза чІогІа лакхаваьккхина а, айвина а хир ву. Ас царна тІе цхьа Іу хІоттор ву, Сайн ялхо волу Дауд. Цо уьш дажор ду, иза церан Іу хир ву. Хьайн халкъ, дежийлашна юкъахь йолчу хьуьнхахь шаьш дехаш долу Хьан тІаьхьенан уьстагІий, Хьайн коьжалгаца дажадехьа. Дежийла уьш, ширачу заманахь санна, Башанехь а, ГалІадехь а! Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КІант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду,
Выбор основного перевода