Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Церан сагІа доккху меттигаш а, Іибадат дан хІиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бІогІамаш хадабай, дІабаха. Шайн Везачу Далла аша дІахІоттор болчу сагІа доккхучу кхерчана уллохь Ашера-далла лерина болу цхьа а дечиган бІогІам ма хІоттабелаш Шайн куьйгашца кечйинчу сагІа доккхучу меттигашка, гІо а дезаш, хьовсур бац уьш. Иштта уьш тешарца хьовсур бац шайн пІелгашца динчуьнга – Ашера-далла лерина долчу дечиган бІогІамашка а, хаза хьожа йогІу хІума яго кхерчашка а. Якъубан тІаьхьенан къа иштта дІадоккхур ду, цуьнан харцонаш дІаяхархьама иштта мах дІабала безаш бу: сагІа доккху меттигашкахь лелош долчу тІулгех халкъо жагІанаш бийр бу, Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш дІахедийна Іохкур ду, ткъа цІушна хаза хьожа йогІу хІума яго кхерчаш, дохийна, дІадохур ду.
Выбор основного перевода