Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Шайн вежарий болчу яхІудхойн ши бІе эзар зуда а, кІентий а, йоІарий а, йийсар а дина, дІабигира исраилхоша. Иштта, йоккха хІонс а яьккхина, Шамран-гІала дІаяхьийтира цара. ТІехдукха ваьхна со машар ца безачарна юкъахь. Со машаре стаг ву, амма со вистхуьллушехь, уьш тІамана кийча хуьлу. Сан долахь долу къам Суна дуьхьалдаьлла. Хьуьнхахь долчу лоьмо санна, цо Суна дуьхьал гІигІ до. Цундела Суна иза ца деза. Шуна-м дика ца деза, шуна вон деза. Аша адамашна тІера цІока йоккху, ткъа церан даьІахкаш тІера дилха доккху. Сан халкъан дилха аша доу, царна тІера цІока йоккху, ткъа церан даьІахкаш кегйо. Кхаби чу кхуьссуш санна, оту, ткъа жижиг, яй чу тосуш санна, хедадо». Далла тешаме берш махкахь ца бисина, догцІенанаш а бац адамашна юкъахь. Массара а кІело йина, цІий Іанорхьама. ХІорра а шен вешина речІа югІуш ву. Церан куьйгаш зуламаш дан говза ду. Хьаькамаша шайна совгІаташ далар тІедожийна, кхелахошна кхаьънаш ийдо. Карахь Іедал долчу наха шайн лаамаш схьахоуьйту. Уьш массо а цхьа барт беш бу.
Выбор основного перевода