Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
ЧагІаро галбохурш а, нихано тохкуьйтурш а ур-атталла динан дай а, пайхамарш а бу – уьш чагІаро галбоху. ЧагІаро уьш карзахбоху, ткъа нихано уьш тохкуьйту. Шайна суьрташ хІиттича, уьш галбуьйлуш бу, шаьш гІуллакх къастадича, уьш тийсалуш бу. Хиндерг гуш болчаьрга цара боху: „Суьрташ кхин ма хІиттийта шайна хьалха!“, ткъа пайхамаршка боху: „Делера долу бакъдерг ма дийца, тхуна тамехь дерг дийца, самукъане хаамаш бе. Бита нийса некъ, дІадовла бакъдолчу новкъара. Тхуна ца лаьа шун Исраилан Везачу Делах лаьцна хаза“». Пайхамарша аьлларг мох санна эрна хир ду, Везачу Элан дош цаьрца цахиларна. Цара аьлларг царах шайх гІойла», – бохуш. пайхамарша харцхаамаш бо, динан дайша шайна лууш долчуьнца куьйгалла до, ткъа Сан къомана и тайпа долу хІума деза. Амма хІун дийр ду те аша, чаккхе тІекхаьчча?» Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Къа ду шайн сино бохучунна тІаьхьадевлла лелаш долчу а, цхьа а хІума ца гиначу а сонтачу пайхамарийн. «Ткъа аша назархошна чагІар мийладора, пайхамаршка омра дора: „Делера болу хаамаш ма бе!“ – бохуш.
Выбор основного перевода