Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
И дерриг а хиллачул тІаьхьа хІара хилира. ИзраІалхочун Набутин ИзраІал-гІалахь кемсийн беш яра. Иза Шамран-гІаларчу Ахьаб-паччахьан цІенна уллохь яра. Цхьана дийнахь Ахьаба элира Набутига: «Хьайн кемсийн беш суна схьало, соьга цунах хасстоьмийн беш яйтархьама, хІунда аьлча и беш паччахьан сан цІенна уллохь ю. Ткъа аса хьан бешал гІоле йолу кемсийн беш лур ю хьуна цунна дуьхьал. Я хьуна лаахь, цу бешах богІуш болу мах лур бу аса хьуна». Амма Набутис Ахьабе жоп делира: «Ларвойла со Везачу Эло, сайн ден тІаьхьалонах дерг хьуна дІадаларх!» ИзраІалхочо Набутис шега, лур дац аса хьуна сайн ден тІаьхьалонах дерг аларна, чІогІа дог а доьхна, оьгІаз а вахана, цІа веара Ахьаб-паччахь. Иза, пенехьа дІа а вирзина, шен метта охьавижира. Цо яа хІума а ца йоура. Ахьабан зуда Изабал чуелира. Цо Ахьабе элира: «Хьан дог а стенна доьхна, юург а хІунда ца йоу ахьа?» Ахьаба зудчуьнга жоп делира: «ИзраІалхо волчу Набутига: „Схьало суна хьайн кемсийн беш! Йохка иза суна, я, хьайна лаахь, вукху кемсийн бешах хийцахьа“, – аса шега аьлча, цо ша иза лур яц элира». ТІаккха Ахьабан зудчо Изабала цуьнга элира: «Ткъа хьо ма ву исраилхойн паччахь?! Хьала а гІаттий, хьайн яа хІума а яа, синна паргІат а хила. Аса схьайоккхур ю хьуна израІалхочун Набутин кемсийн беш». Изабала Ахьабан цІарах кехаташ яздира. ТІаккха цуьнан мухІарца уьш чІагІ а дина, Набути вехачу гІалахь болчу къаношка а, цІеяхана болчу нахе а дІахаийтира. Кехаташ тІехь цо иштта яздора: «Марха а лаций, халкъана юкъа баьрчче охьахааве Набути. Ткъа цунна дуьхьал ши зуламхо охьа а хаавай, цунна дуьхьал тоьшалла а деш, цаьрга дІаалийта: „Ахьа Дела а, паччахь а емалвеш хІума элира“. ТІаккха гІалара ара а ваккхий, валлалц тІулгаш кхисса цунна тІе». Набути вехачу гІалара наха, къаноша, хьоладайша, Изабала шайна тІе-ма-диллара, цо шайга даийтинчу кехаташ тІехь яздина ма-хиллара кхочушдира. Цара, марха а лаьцна, халкъана юкъахь баьрчче охьахаийра Набути. ТІаккха ши зуламхо, цунна дуьххьал охьа а хиъна, оцу халкъана хьалха шайн тоьшаллаш дан вуьйлира. Цара бохура: «Набутис Дела а, паччахь а емалвеш хІума элира». Цара Набути гІалара ара а ваьккхина, цунна тІе тІулгаш а кхиссина, иза вийра. ТІаккха Изабале хаам бан нах бахийтира, Набутина тІе тІулгаш а кхиссина, иза вийна аьлла. ТІе тІулгаш а кхиссина, Набути вийна аьлла шена хезча, Изабала Ахьабе элира: «Хьала а гІаттий, хьайна йохка ца лиъначу израІалхочун Набутин кемсийн беш хьайн дола яккха, хІунда аьлча Набути велла». Къа ду шун, цІенна тІе цІа а, аренна тІе аре а оьцучеран. Кхечарна меттиг ца юьту аша, шаьш бен хІокху лаьтта тІехь доцуш санна. ЛадогІа кху дешнашка, мисканаш дІакхалла а, къенаш хІаллакбан а хьаьгна долчу а,
Выбор основного перевода