Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Оцу гІуллакхашца шаьш Далла хьалха боьха ма хилийталаш. Шу долчуьра Ас дІалохкучу халкъаша цу хІуманашца шаьш бехдина. Ур-атталла уьш тІехь Іаш долу лаьтта а боьха хилира. Цуьнан къинош бахьана долуш Ас таІзар до оцу лаьттана, цо шена тІера и нах дІаІеттор бу. Цара санна, аш и латта бехдахь, цо шена тІера дІаІеттор ду шу, шул хьалха цигахь Іийна халкъаш санна. Нагахь цхьаммо и дегаза гІуллакхаш леладахь, иза шен халкъана юкъара эккхор ву. Шу цкъа хІинца а паргІато йолчу а, шун Везачу Дала шайна кхочуьйтучу лаьтта тІе ма ца девлла. Цара бехк боцу цІий Іанадора, шайн кІентийн а, йоІарийн а цІий, уьш канаІанхойн цІушна сагІина дІа а луш. Церан цІий бахьана долуш латта бехдира цара. Цундела Хьалдолу Эла волчу Аса боху: „Аша цигахь байъина охьабехкина нах – жижиг ду, ткъа и гІала – яй бу, амма Ас шу цигара арадохур ду. Кхузахь вайн гуттар а лаьтташ йолу гІала яц, вай хин йолу гІала лоьхуш ду.
Выбор основного перевода