Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Хиндерг гуш болчаьрга цара боху: „Суьрташ кхин ма хІиттийта шайна хьалха!“, ткъа пайхамаршка боху: „Делера долу бакъдерг ма дийца, тхуна тамехь дерг дийца, самукъане хаамаш бе. «Ткъа аша назархошна чагІар мийладора, пайхамаршка омра дора: „Делера болу хаамаш ма бе!“ – бохуш. ЛадогІа хІинца Везачу Элан даше. Ахь боху: „Исраилан халкъе Делера болу хаамаш ма бе. Исхьакхан тІаьхьенашна дуьхьал цхьа а вон дош ма ала“. Цундела хІуттучу суьртийн метта, шуна буьйса хир ю, хиндолчух лаьцначу билгалонийн метта, Іаьржа бода хир бу. Пайхамаршна малх а къайлабер бу, де а кхулур ду. Іумари-паччахьан парзаш а, Ахьаб-паччахьан цІийнан массо а гІуллакхаш а ахь лардарна а, церан ламасташца шу леларна а, Ас хьо, йохийна, яссор ю, ткъа хьан бахархой, шок а лоькхуш, боьлуьйтур бу. Сан халкъан сийсазалла ахь а хьоьгур ю».
Выбор основного перевода