Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Иза дан бакъо ю, цІеначу новкъахула а лелаш, бакъахьараниг а деш, даггара билггал бакъдерг олуш волчун. Веза Дела вайна малх а, турс а ву. Цо вайна диканиг до, вайн сий а до. ЦІеначу новкъахула лелаш волчунна муьлхха а диканиг дарехь Ша саца ца во Цо. qac Кqac*qac хqac*оччуш дика бу суна Хьан товрат-хьехам, деших а, детих а дина эзарнаш ахчанал. Со схьавеанчу хенахь, цхьа а хІунда вацара? Ас кхайкхича, дуьхьал жоп хІунда ца делира? Сан куьг дацделла ткъа шуна гІо дан, я Сан ницкъ дІабаьлла ткъа шу кІелхьардаха? Ас Сайн омрица хІорд бакъабо, хих яьсса аре йо, тІаккха царна чуьра чІерий, хи а ца тоьий, дахкало, хьогаллина ле. Хьажал, Везачу Элан куьг шу кІелхьар ца даххал доца дац. Цуьнан лерг шу ца хаззал къевлина дац. Бала тІебогІу де геннахь а хеташ, Іазап толар гергадаладо аша.
Выбор основного перевода