Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Паччахьан гІаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Ярушалаймехь дисина кхидолу халкъ а, говза гІишлош йийраш а, Бавелан паччахьан агІор бевлларш а йийсаре дІабигира. Халкъаш, ладогІалаш Везачу Элера болчу хааме, хІордан йистехь дехаш долчу генарчу къаьмнашка иза дІахаийталаш: «Исраилан халкъ дІасадаржийначо иза схьа а гулдийр ду. Іуьно шен жа санна, Цо иза лардийр ду». Стигалахь долу седарчий санна, хІордан берда тІехь йолу гІум санна, ягар ца яллал дукха тІаьхье лур ю Ас Сан ялхо волчу Даудана а, Суна гІуллакх деш болчу левихошна а“». Иштта боху Хьалдолчу Эло: „Ас Исраилан халкъе кхин а цкъа Со лоьхуьйтур ву, церан дуьхьа Со лелийтархьама. Ас уьш, жа ма-деббара, доьбуьйтур бу. Ярушалаймехь динан дезачу деношкахь сагІина лерина долу уьстагІий ма-хиллара дукха адам хир ду йохийначу гІаланашкахь. ТІаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла“». ТІом болабелча, воьхна хьийзар ву Исраилан халкъан паччахь!» «Къона долчу хенахь дуьйна дезара Суна Исраилан халкъ. Мисар-махкара аравалийтархьама схьакхайкхина Аса Сайн кІанте. «Оцу дийнахь, – боху Везачу Эло, – Ас астагІнаш схьагулбийр бу, генна дІасалаьхкинарш а, Айса бохам тІебаийтинарш а цхьаьнатухур бу. Ас астагІчарах халкъан дисина дакъа дийр ду, ткъа генна дІасабаржийначарах онда ницкъ болу халкъ дийр ду. Везачу Эло Цийон-ломахь олалла дийр ду царна тІехь оцу хенахь дуьйна абаденналц. Якъубан халкъах дисина дакъа дуккха а долчу халкъашна юкъахь Везачу Элера долу тхи санна а, баца тІе догІу кхевссина догІа санна а хир ду. Дисина долу и халкъ адамах дозур а дац, цунах тешна Іийр а дац. Якъубан халкъах дисина дакъа халкъашна юкъахь, дукхачу къаьмнашна юкъахь, хьуьнан акхарошна юкъахь лом санна, уьстагІийн жена юкъахь къона лом санна хир ду. Ша дуьхьалдаьлча, цо хьоьшу, цоьсту. Цхьаьнгге а цунах кІелхьарваккхалур вац. Муьлха Дела ву Хьо санна къиношна гечдеш а, Хьан долчу халкъах бисинчеран зуламашна къинтІера волуш а? Хьо даим вац оьгІазвахана вуьсуш, амма Хьуна къинхетам бан хазахета. Кхин а уьстагІий ду Сан. Уьш кху кертара дац. И уьстагІий а ду Ас Сайн керта дало дезаш. Цара а ладугІур ду Сан озе, тІаккха царах цхьа жа а хир ду, церан цхьа Іу а хир ву.
Выбор основного перевода