Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
тІаккха, Айса деллачу лаьттах а хадийна, дуьтур ду Ас Исраилан халкъ. Сайн цІе язъяйта къобалдина долу цІа а дІадоккхур ду Ас. ТІаккха, дерриге а халкъаша кицанна а, беламна а далош, дІахІуттур ду Исраилан халкъ. Латта дассийна а, чІана даьккхина а хир ду, хІунда аьлча Везачу Эло хІара дош аьлла. Іаьржа марха санна, тІегІерташ ву мостагІа. Цуьнан гІудалкхаш, йилбазмох санна, сиха ю, цуьнан говраш аьрзунел а сиха ю. Аса элира: «Маржа яІ! Ма хІаллакьхир ду вай!» ТІаккха церан цІенош а, кхаш а, церан зударий а кхечарна дІалур бу. Аса Сайн куьг тІедуьллур ду кху махкахь дехаш долчу адамашна, царна таІзар дархьама, – боху Везачу Эло. – Цундела Аса церан зударий кхечарна дІалур бу, церан кхаш а лур ду кхечарна дІа. КІезиг болчу нахана тІера дуьйна, цІеяхана болчарна тІекхаччалц мел верг санехьа ваьлла, пайхамаршна тІера динан дайшна тІе кхаччалц верг харцонехьа ваьлла. Юха Мика-ЯхІус элира: «Со цунна воьлхур а ву, тийжар а ву, когаш Іуьйра а, верзинаваьлла а лелар ву со. Со, чангІалкх санна, угІур ву, бухІа санна, воьлхур ву, Ткъа и эшийна халкъаш-м хир дац те дерриш а толамхойх лаьцна кицанаш а дохуш, царах кхаьрдаш, царах лаьцна хІетал-металш олуш? Цара эр ду: «Декъаза ву шен боцу бахамах шех хьалдерг вийриг, шех деза закъалт дийриг. Дукха ханна хир дуй те иза иштта?»
Выбор основного перевода