Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен пІелг цІий чу а Іоьттина, Везачу Элана хьалха – Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна йистехь – ворхІазза цІий пІелга тІера дІатоха деза цо. Везачу Элана хьалха гуламан четарна чохь болчу, шена тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягочу кхерчан маІех цІий хьакха деза динан дас, ткъа дисна цІий гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу тІехь дийнаташ дагочу кхерчан буха тІе охьадотта деза цо. СтаргІина урс а хьаькхна, шен пІелгаца схьаэцна цІий кхерчан маІех хьаькхира Мусас. Иштта кхерч къинойх цІанбира цо. Юха, дисина цІий кхерчан буха тІе охьа а доьттина, кхерч къобалбира цо, иза Далла хьалха цІена хилийта. Юха дийнаташ дагоран сагІина леринчу бежанна урс хьаькхира АхІарона. Цуьнан кІенташа цІий тІедеара цунна. Цо иза массо а агІор кхерчана тІе туьйхира. КІенташа схьаеара цунна стеран а, коьман а мохь: дума а, чоконна тІера мохь а, жаннаш а, доІаха тІера мохь а.
Выбор основного перевода