Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу меттехь исраилхошна хьалха хІуттур ву Со, Сан олаллин нуьро цу меттигах еза меттиг йийр ю. Везачу Элана хьалха бертан сагІа даккхархьама, сту а, ка а балабе, ткъа иштта даьттанца эдина кІен сагІа а даккха, хІунда аьлча тахана шуна Веза Эла гучувер ву“». Мусас да аьлла тІедиллинарг гуламан четарна дуьххьал охьа а диллина, Везачу Элана хьалха хІоьттира дерриг а халкъ. Мусас элира: «Везачу Эло тІедиллинарг дерриг а кхочушдан деза аш, тІаккха Везачу Элан олаллин нур схьахІуттур ду шуна».
Выбор основного перевода