Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Маликан карахь Іаса яра. Цо цу Іасанан юьхьиг жижигах а, хьокхамех а дІаІоьттича, тІулгах цІе а яьлла, цу цІаро жижиг а, хьокхамаш а дІахьулдира. Ткъа Делан малик къайладелира. ТІаккха Везачу Эло цІе охьахьажийра. Оцу цІеро сагІина еана хІума а, дечиг а, тІулгаш а, кхерчана гонахара латта а дагийра. Саьнгар чохь долу хи а дакъийра цо. И хилларг шена гича, дерриг а халкъо, лаьтта кхаччалц охьа а таьІна, бохура: «Веза Эла – Дела ву! Веза Эла – Дела ву!» Цигахь Дауда Везачу Элана лерина долу сагІа доккху меттиг кечйира. Цо цигахь дийнаташ дагоран а, бертан а сагІанаш а дехира. ТІаккха Везачу Эле кхайкхира иза. Везачу Эло цуьнан доІанна жоп делира, дийнаташ дагоран сагІа доккхучу меттигна тІе стигалара цІе а йоссош. Хастамаш а беш, баркаллаш а бохуш, цара, кар-кара а оьцуш, Везачу Элана леринчу иллешкахь дІаолура: «Веза Эла ма дика ву, массо а ханна бу Исраилан халкъе болу Цуьнан хедар боцу безам». Дерриг а халкъо хазахетарца мохь беттара, Везачу Элана хастамаш а беш, хІунда аьлча Делан цІийнан бух боьттина баьллера.
Выбор основного перевода