Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ХІора дийнахь сагІа доккхучу кхерча тІехь цхьа шо кхаьчна ши Іахар сагІина боккхур бу ахь. Цхьа Іахар Іуьйранна баккха, важа сарахь баккха. «Нагахь цхьанна кІен сагІа даккха лаахь, кІенах дина тоьлла дама схьа а дай, цу тІе зайтдаьтта а дотта, ливан цІе йолу сегІаз а дилла цо. И сагІа динан дай болчу АхІаронан кІенташна тІе дан деза. Деман цхьа кана, цуьнца долчу зайтдаьттанца схьа а эцна, дерриг а ливанаца иза сагІа доккхучу кхерча тІехь багор бу динан дас. Дерриг а дама Везачу Элана сагІина дІаделла хиларан билгало хир ю иза. ЦІера тІехь доккхуш долчу оцу сагІин хьожа Везачу Элана тамехь хир ю. АхІаронан кІенташа цІерана тІе техкинчу дечигашна тІехь долчу дийнаташ дагоран сагІанца цхьаьна ягор ю уьш кхерча тІехь. Цу сагІин хьожа Везачу Элана тамехь ю.
Выбор основного перевода