Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу меттехь исраилхошна хьалха хІуттур ву Со, Сан олаллин нуьро цу меттигах еза меттиг йийр ю. Нагахь санна пешахь деттина кІен сагІа ахь доккхуш делахь, иза тоьллачу демах дина хила деза: зайтдаьтта тоьхна совсаза бепиг я тІе зайтдаьтта хьаькхна дуткъа совсаза хьокхамаш хила деза. «Нагахь цхьаммо, бертан сагІа доккхуш, доккха бежана даладахь, бен а дац иза боьрша я стен хилар, – Везачу Элана леринарг цхьа а айп доцу бежана хила деза. Нагахь стаг Везачу Элана лерина кегийрачу дийнатех бертан сагІа доккхуш велахь, цхьа а айп доцу боьрша я стен дийнат дала деза цо.
Выбор основного перевода