Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И дерриг а АхІаронан а, цуьнан кІентийн а кара дилла. ТІаккха цаьрга и хІуманаш Везачу Элана лерина шатайпа сагІа санна хьалаайийта. Юха, цаьргара схьа а эций, сагІа доккхучу кхерча тІехь, дийнат дагоран сагІина тІехь, ягае уьш, Везачу Элана тамехь хьожа кхетийта. Иза цІера тІехь даьккхина сагІа ду. АхІарон вазваран коьман накха схьа а эций, Везачу Элана лерина шатайпа сагІа санна хьалаайа иза. Шен куьйгашца цІера тІехь доккху сагІа схьадан деза цо. Шатайпа сагІа санна, Везачу Элана хьалха дахьа деза цо махьарца долу некха тІера жижиг. Мохь динан дас кхерча тІехь ягор ю, ткъа некха тІера жижиг АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дуьсур ду. Бертан сагІанах долу дийнатан аьтту гІогІ совгІатна динан дена дІадала деза. АхІаронан кІентех бертан сагІа, цІий а даьккхина, мохь а ягийна, кхочушдинчунна дІадала деза аьтту гІогІ. ХІунда аьлча Ас исраилхошкара бертан сагІанах шатайпа сагІина луш долу некхан жижиг а, совгІатна луш долу аьтту гІогІ а, схьа а эцна, АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дІаделла. Исраилан халкъо гуттар а иза динан дайшна дІадала дезаш ду.
Выбор основного перевода