Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала исраилхошка: „Нагахь цхьаммо ларамаза Везачу Эло тІедехкинчу парзашна дуьхьал къа латийнехь, я дан ца магош дерг динехь, цо кхочушдан дезарг хІара ду: ‘Нагахь Везачу Элана лерина гІуллакх дан къобалвинчу динан дас къа а латийна, и бахьана долуш халкъ бехке хиллехь, ша латийначу къинна цхьа а айп доцу къона старгІа ялае Везачу Элана сагІина лерина. Гуламан четаран неІарна улло а ялийна, Везачу Элана хьалха хІотто еза и старгІа. Динан дас, старгІин коьрта тІе куьйгаш а дехкина, юха цунна урс хьакха деза Везачу Элана хьалха. Юха Везачу Элана лерина гІуллакх дан къобалвинчу динан дас стеран цІий гуламан четар чу дахьа деза. Шен пІелг цІий чу а Іоьттина, Везачу Элана хьалха – Делан четаран уггар езачу чоьнна хьалха долчу кирхьанна йистехь – ворхІазза цІий пІелга тІера дІатоха деза цо. Везачу Элана хьалха гуламан четарна чохь болчу, шена тІехь хаза хьожа йогІу хІума ягочу кхерчан маІех цІий хьакха деза динан дас, ткъа дисна цІий гуламан четарна чуволлучохь лаьттачу тІехь дийнаташ дагочу кхерчан буха тІе охьадотта деза цо. Къинах долчу сагІина йийначу стеран ерриг а мохь схьаяккха еза, бертан сагІанах мохь схьа-ма-йоккху: чухулара а, чоконна тІера а ерриг а мохь, ший жим а, юкъа тІехь йолу мохь а, доІаха тІера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). Дийнаташ дагош болчу кхерча тІехь яго еза уьш динан дас. Къинах долчу сагІина йийначу стеран ерриг а мохь схьаяккха еза, бертан сагІанах мохь схьа-ма-йоккху: чухулара а, чоконна тІера а ерриг а мохь, ший жим а, юкъа тІехь йолу мохь а, доІаха тІера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). Дийнаташ дагош болчу кхерча тІехь яго еза уьш динан дас. Къинах долчу сагІина йийначу стеран ерриг а мохь схьаяккха еза, бертан сагІанах мохь схьа-ма-йоккху: чухулара а, чоконна тІера а ерриг а мохь, ший жим а, юкъа тІехь йолу мохь а, доІаха тІера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). Дийнаташ дагош болчу кхерча тІехь яго еза уьш динан дас. Стеран неІ а, цуьнан дерриг жижиг а, корта а, когаш а, чоко а, боьхаллаш а меттамотт болчуьра арахьа, Далла хьалха цІена йолчу метте а яьхьна, чим дІакхуссучохь, дечиган цІера тІехь яго еза. Чим дІакхуссучохь яго еза уьш.
Выбор основного перевода