Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь халкъана юкъара цхьаммо ларамаза къа латадахь, Везачу Эло тІедехкина парзаш а талхийна, дан ца дезарг дахь, иза бехке хир ву. Ша къа латийнийла хиъча, сагІина цхьа а айп доцу газа яло еза цо латийначу къинах. Газанан коьрта тІе куьг а диллина, къинах долчу сагІина лерина цунна урс хьакха деза цо дийнаташ дагоран сагІина бежанаш дойучу меттехь. Динан дас шен пІелгаца, схьа а эцна, цуьнан цІий хьакха деза дийнаташ дагочу кхерчан маІех, ткъа дисина цІий цу кхерчан буха тІе охьадотта деза цо. Бертан сагІа доккхуш схьакъастош йолу мохь санна, газанан ерриг а мохь схьакъасто еза. Динан дас кхерча тІехь яго еза иза, Везачу Элана тамехь йолу хьожа хилийта. Иштта динан дас цу стагана тІера къа дІадоккхур ду, тІаккха Дала цунна гечдийр ду. «АхІароне а, цуьнан кІенташка а дІаала: къинах долчу сагІанах лаьцна тІедиллинарг иштта ду. Дийнаташ дагоран сагІина бежанаш дойучу меттехь Везачу Элана хьалха урс хьакха деза къинах долчу сагІина далийначу дийнатна. Иза чІогІа деза сагІа ду. Исраилхошка ала: „Къинан сагІа даккха бож а, дийнаташ дагоран сагІа даккха цхьа а сакхт доцу шо кхаьчна шинар а, оццул хан йолу цхьа а сакхт доцу Іахар а балабе. АхІароне Мусас элира: «СагІа доккхучу кхерчана тІе а гІой, хьайна тІера къинан сагІа а даккха, дийнаташ дагоран сагІа а кхочушде, ахьа а, халкъо а летийна къинош дІадахархьама. Халкъо деана совгІаташ схьаэца, наха летийна къинош дІадахархьама, Везачу Эло тІе-ма-диллара». Кхерчана тІе а вахана, шена тІера, къинан сагІина лерина, старана урс хьаькхира АхІарона.
Выбор основного перевода