Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь цхьаммо, бертан сагІа доккхуш, доккха бежана даладахь, бен а дац иза боьрша я стен хилар, – Везачу Элана леринарг цхьа а айп доцу бежана хила деза. Шен куьг бежанан коьрта тІе а диллина, гуламан четарна чуволлучохь цунна урс хьакха деза сагІа доккхучо. Динан дай болчу АхІаронан кІенташа сагІа доккхучу кхерчан массо а агІонна тІе цІий тоха деза. Цу бертан сагІанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагІа санна, даха деза: чухулара а, чоконна тІера а ерриг а мохь, ший жим а, царна тІера юкъа тІехь йолу мохь а, доІаха тІера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). АхІаронан кІенташа цІерана тІе техкинчу дечигашна тІехь долчу дийнаташ дагоран сагІанца цхьаьна ягор ю уьш кхерча тІехь. Цу сагІин хьожа Везачу Элана тамехь ю. Нагахь стаг Везачу Элана лерина кегийрачу дийнатех бертан сагІа доккхуш велахь, цхьа а айп доцу боьрша я стен дийнат дала деза цо. Нагахь сагІина балийнарг уьстагІ белахь, иза Везачу Элана хьалха хІотто беза. Дийнатан коьрта тІе куьг а диллина, гуламан четарна хьалха цунна урс хьакха деза. АхІаронан кІенташа сагІа доккхучу кхерчан массо а агІонна тІе цуьнан цІий тоха деза. Цу бертан сагІанах цхьадолу дакъош Везачу Элана, дагоран сагІа санна, даха деза: мохь а, букъан даьІахка тІекхаччалц схьахадийна болу дума а, чухулара а, чоконна тІера а мохь, ший жим а, царна тІера юкъа тІехь йолу мохь а, доІаха тІера мохь а (иза жаннашца цхьаьна яккха еза). Динан дас сагІа доккхучу кхерча тІехь яго еза уьш. Иза Везачу Элана лерина цІера тІехь даьккхина кхачанан сагІа ду. Везачу Элана хьалха бертан сагІа даккхархьама, сту а, ка а балабе, ткъа иштта даьттанца эдина кІен сагІа а даккха, хІунда аьлча тахана шуна Веза Эла гучувер ву“».
Выбор основного перевода