Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«АхІароне а, цуьнан кІенташка а иштта дІаала: „Исраилхой цу тайпана декъалбе: Везачу Эло шу декъал а дойла, Цо шу лар а дойла! Везачу Эло Шен юьхь тІера серло шуна лепайойла, Иза шуьца къинхетаме а хуьлийла! Везачу Эло Шен юьхь шуна тІе ерза а йойла, Цо шуна синпаргІато а лойла!“» Везачу Эло кхин а элира: «Нагахь санна динан дайша, Сан цІе а йоккхуш, исраилхошна тІехь декъалбаран дешнаш алахь, Аса декъалбийр бу исраилхой». Цул тІаьхьа левихой болу динан дай тІебахка беза, хІунда аьлча муьлхха а къовсаме долу гІуллакх а, муьлхха а ницкъбар а церан сацамца къасто деза. Уьш шун Везачу Дала къастийна бу Шена гІуллакх дайта а, Везачу Элан цІарах декъалдарш дайта а. Цаьрца Ярушалаймера ара а ваьлла, Бет-ХІине кхаччалц дІавахара Иза. Куьйгаш хьала а айина, уьш декъалбира Цо.
Выбор основного перевода