Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шовзткъе уьтталгІа шо къобал а де, шайн махкахь Іаш мел волу стаг паргІат а ваккха. МеттахІотторан шо ду алий, кхайкхаде и шо. ХІора а шен доьзалан долахь хиллачу лаьтта тІе а, шен тайпане а кхача. МеттахІотторан шарахь хІора а шен доьзалан латта тІе верза, цуьнан дола дан. Амма цуьнан шен доьзалан латта юхаэццал ахча ца хилахь, иза эцначу стеган карахь дуьсур ду меттахІотторан шо тІекхаччалц. Ткъа цу шарахь латта юха а шен хьалха хиллачу хІусамден дола дер ду. ТІаккха, шен бераш схьа а эцна, гергарчу нахана тІегІур ву иза. Цигахь шен доьзалан латта юха схьаоьцур ду цо.
Выбор основного перевода