Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
МеттахІотторан шарахь хІора а шен доьзалан латта тІе верза, цуьнан дола дан. Амма цуьнан шен доьзалан латта юхаэццал ахча ца хилахь, иза эцначу стеган карахь дуьсур ду меттахІотторан шо тІекхаччалц. Ткъа цу шарахь латта юха а шен хьалха хиллачу хІусамден дола дер ду. Нагахь цхьаммо а иза юха ца эцахь, меттахІотторан шарахь иза а, цуьнан бераш а паргІатдевр ду. МеттахІотторан шарахь хьалха хиллачу хІусамден – латта доьхкинчу стеган – дола юхадоьрзу и латта. Ур-атталла Исраилан халкъана юкъахь лелаш долу МеттахІитторан шо тІекхаьчча а, и дакъа уьш маре баханчеран тайпанан дола дер дара. ТІаккха и дакъа тхан дайн тайпанна кхаьчначу лаьттан дакъошна юкъара дІадер дара».
Выбор основного перевода