Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь айхьа Іебархойх волу лай эцахь, цуьнга ялх шарахь хьайна болх байта, ткъа ворхІалгІачу шарахь дІахеца иза, цунах мах а ца боккхуш. «Нагахь санна шун Іебархойн къомах волу стаг я зуда шуна лолла вохкалахь, иза ялх шарахь шун лай хила веза. Амма ворхІалгІачу шарахь дІахеца иза. Ткъа исраилхойх Сулим-паччахьо леш ца бора. Уьш я паччахьан тІемалой, я тІеман хьаькамаш, я тІеман коьрта хьаькамаш, я гІудалкхийн а, дошлойн а эскарш карахь долуш баьччанаш бара. Пайхамарийн тобанера волчу цхьана стеган зудчо, елха а йоьлхуш, бохура ЭлишаІе: «Хьан ялхо хилла волу сан майра велла. Хьуна хаьа-кх, иза Везачу Элах кхоьруш стаг хиллий. ХІинца иза декхарийлахь хилла волу стаг, ван а веана, сан ши кІант дІавига воллуш ву, царах шена леш бан дагахь». Везачу Элера хаам кхечира Ярми-ЯхІуга, Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар а, цуьнан мел долу эскар а, цуьнан куьйга кІел йолу массо а пачхьалкхаш а, дерриг а къаьмнаш а Ярушалаймана а, цунна гонах йолчу ярташна а дуьхьал тІом беш долчу хенахь: «Иштта боху Исраилан Везачу Дала: „Ваха а гІой, яхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІуга дІаала, иштта боху Везачу Эло: ‘Ас кестта Ярушалайм Бавелан паччахьан кара дІалур ю, тІаккха цо иза цІарца ягор ю. Хьо а вер вац цуьнан куьйга кІелара. Схьа а лаьцна, хьо а цуьнан кара дІалур ву, хьан бІаьргашца Бавелан паччахь гур ву хьуна, юьхь-дуьхьал цуьнца къамел дийр ду ахь. ТІаккха хьо Бавеле дІавуьгур ву’. Делахь а, ладогІа Везачу Эло бохучуьнга, яхІудхойн паччахь ЦІадукъ-ЯхІу! Везачу Эло хьох лаьцна иштта боху: ‘Хьо туьро вуьйр вац.
Выбор основного перевода