Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Везачу Эло декъалвойла иза. Дала, Шен дош кхочушдеш, беллачарна а, бисинчарна а диканиг до. БоІаз-м вайна юххера, гергара стаг ву. Иза, вай Іалаш а деш, вайна гІо дан дезачарех цхьаъ ву», – элира марнанас. Амма бакъду, со хьо Іалашъян а, хьуна гІо дан а дезаш болчу гергарчех велахь а, кхин а ву цхьа стаг, сол юххера гергара а волуш. Тховса кхузахь буьйса яккха. Нагахь санна кхана цо хьо тІеэцахь, дика хир ду. Ткъа хьо тІелаца цунна ца лаахь, ас тІелоцур ю хьо. Аса иза дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо! ХІинца дІайижа сахиллалц». ТІаккха оцу гергарчу стаге элира БоІаза: «Муаби-махкара цІа йирзинчу НуІмата вайн вешех Элималиках дисна долу доьзалан латта духкуш ду. Хьоьга иза дІахазийта сацам бина ас. ХІара нах а болуш, массо а сан халкъан къаношна а хууш, и дакъа ахь дІаэца, хьо юххера гергара волу дела. Хьайна и эца лаахь, эца, ткъа эца ца лаахь, соьга схьахаийта. Хьо воцучун цкъа цхьанна а и схьаоьцийла дац, хьол тІаьхьа эца йиш ерг со ву». Вукхо ша оьцу элира. ТІаккха БоІаза дІахаийтира цуьнга: «Нагахь НуІматан доьзалан латта оьцуш хилча, веллачун зуда, муабахо йолу Рути а хьайна йига езар ю ахь, лаьттан дакъа веллачун доьзалан долахь дисийтархьама». «Йиш яц сан и сайна йига, сайн дакъа декъна ца хилийтархьама. Сан йиш йоцу дела, ахь тІеэцахь иза», – элира гергарчо.
Выбор основного перевода