Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилан халкъ Муаби-мехкан аренашкахь, Ерихон-гІалина уллохула догІучу Йордан-хин йистехь, долчу хенахь, Везачу Эло Мусага элира: «Исраилхошна тІедилла шайна кхаьчначу лаьттан дакъош тІехь йолчу гІаланех цхьаерш левихошна дІаялар, уьш цигахь бахийтархьама. Иштта оцу гІаланашна гонах долу дежийлаш левихошна дІадала деза цара. Иштта, левихойн долахь гІаланаш хир ю, уьш цигахь бахийтархьама, ткъа церан долахь дежийлаш хир ду церан даьхнина а, жашна а, кхидолчу хьайбанашна а лерина. ГІаланашна гонахара, аша левихошна дІадала деза дежийлаш, гІаланийн пенашна тІера дІадуьстича, массо а агІор цхьацца эзар дол хила деза. ГІаланашна арахула малхбалехьа а, къилбехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а шишша эзар дол дІадуста, ткъа гІаланаш юккъехь хилийта. Иштта хир ду левихойн гІаланашна гонах долу дежийлаш. Аша левихошна лур йолчу гІаланех ялх гІала лурбоьлла нах ловчкъуш йолу гІала хир ю. Оцу ялх гІаланал сов шовзткъе ши гІала дІало царна. Аша левихошна дІаяла еза гонах дежийлаш долу шовзткъе бархІ гІала. Аша дІалур йолу гІаланаш исраилхойн долахь йолчех хила еза. Доккхах долчу тайпано гІаланаш сов дІаяла еза, ткъа жимах долчу тайпано – кІезиг гІаланаш. Шайна кхаьчначу лаьттан декъе хьаьжжина, хІора тайпано шен долахь йолчу гІаланех цхьаерш дІаяла еза». КанаІан-махкахь йолчу Шилун-гІалахь дара иза. Левихойн тхьамданаша элира: «Мусагахула Везачу Эло тІедиллина, тхуна чохь Іан гІаланаш а, даьхни лело цу гІаланашна уллора аренаш а ло аьлла». Везачу Эло тІе-ма-диллара, шайн лаьттан дакъойх схьа а къастийна, левихошна гІаланаш а, царна уллора аренаш а елира исраилхоша. Хьалхара кхаж КхахІатан тІаьхьенашна белира. И кхаж баларца ЯхІудан а, ШимІин а, Бен-Яманан а тайпанех схьабевлла болчу наха левихошна, динан ден АхІаронан кІенташна, кхойтта гІала елира. Кхаж баларца КхахІатан кхечу тІаьхьенашна а Эпрайман а, Данан а тайпанех схьабевллачу нахера а, Маннашан ах тайпанах болчу нахера а итт гІала кхечира. ГІиршанан тІаьхьенашна Иссарханан а, Ашаран а, Напталан а тайпанех схьабевллачу нахера а, Башан цІе йолчу меттера Маннашан ах тайпанах болчу нахера а кхойтта гІала кхечира кхаж баларца. Мерарин тІаьхьенашна шайн гаранашкахь Раабанан а, Гадин а, Забулан а тайпанех схьабевллачу нахера шийтта гІала кхечира. Везачу Эло Мусагахула шайна тІе-ма-диллара, и гІаланаш царна уллорачу аренашца, кхаж а тосуш, левихошна дІаелира исраилхоша. ЯхІудан а, ШимІин а тайпанаша левихошна еллачу гІаланийн цІераш иштта яра: КхахІатан тІаьхьенах болчу АхІаронан кІенташна а, Левин кІенташна а, царна кхаж хьалха баларна, Кхиръят-АрбаІ цІе йолу гІала а, цунна гонахара аренаш а елира. (Іаьнакхан ден АрбаІан цІарах яра и гІала. Иза ЯхІудан гу тІехь яра, кхин цІе а яра цуьнан – Хьеврон). Цу гІалина уллора аре а, ярташ а Епунин кІантана Килабана елира. Иштта динан ден АхІаронан кІенташна елира лурбоьлла нах ловчкъу гІала – Хьеврон а, гІала Либна а, цу шина гІалина уллора аренаш а. Кхин а царна елира шен аренашца Итар-гІала а, шен аренашца ЭштамуІ-гІала а, Хьулон-гІала а, цуьнан аренаш а, Дибар-гІала а, цуьнан аренаш а, Іейн-гІала а, цуьнан аренаш а, ЮтІа-гІала а, цуьнан аренаш а, Байт-Шамаш-гІала а, цуьнан аренаш а. Цу шина тайпано елла и исс гІала яра. Бен-Яманан тайпано елира гІаланаш: ГавІон а, цуьнан аренаш а, ГибаІ а, цуьнан аренаш а, Іанатот-гІала а, цуьнан аренаш а, Іалмун-гІала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гІала яра. АхІаронан тІаьхьенашна, динан дайшна, кхаьчнарг кхойтта гІала а, царна гонахара аренаш а яра. КхахІатан тІаьхьенах болчу кхечу левихошна, кхаж баларца, кхечира Эпрайман тайпано елла гІаланаш. Эпрайман лам тІехь йолу Шехем-гІала а, цуьнан аренаш а кхечира царна. И гІала лурбоьлла нах шена чохь дІаловчкъуш яра. Цул сов, ГІазар-гІала а, цуьнан аренаш а елира царна. Кхибцайм-гІала а, цуьнан аренаш а, Байт-Хьорон-гІала а, цуьнан аренаш а елира. Ерриг а йиъ гІала яра уьш. Данан тайпано елира гІаланаш: Элтакха а, цуьнан аренаш а, Габитун а, цуьнан аренаш а, Айлон а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Йиъ гІала яра цара елларг. Маннашан ах тайпано елира гІаланаш: ТаІнак а, цуьнан аренаш а, Гати-Римун а, цуьнан аренаш а. Цара елларг ши гІала яра. КхахІатан тІаьхьенах болчу кхечу доьзалшна кхаьчнарг ерриг а итт гІала а, церан аренаш а яра. ГІиршанан тІаьхьенах болчу левихошна елира хІара гІаланаш: Маннашан ах тІаьхьено елира лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Голан-гІала а, цуьнан аренаш а. И гІала Башан олучу меттехь яра. Цул сов, цара елира БаІаш-Тара-гІала а, цуьнан аренаш а. Ерриг а ши гІала. Иссарханан тайпано елира гІаланаш: Кхишон а, цуьнан аренаш а, Дубрат а, цуьнан аренаш а. Ярмут а, цуьнан аренаш а, Іейн-Ганим а, цуьнан аренаш а. Йиъ гІала елира цара. Ашаран тайпано елира гІаланаш: Мишъал а, цуьнан аренаш а, Іабдани а, цуьнан аренаш а. Хьелкхат а, цуьнан аренаш а, Рахьуб а, цуьнан аренаш а. Йиъ гІала яра цара елла. Напталан тайпано елира гІаланаш: лурбоьлла нах ловчкъуш йолу Галилай-махкара Кхедаш а, цуьнан аренаш а, Хьамут-Дор а, цуьнан аренаш а, Кхартан а, цуьнан аренаш а. Кхо гІала елира цара. ГІиршанан тІаьхьенах болчу нахана кхаьчнарг кхойтта гІала а, царна гонах йолу аренаш а яра. Мерарин тІаьхьенах болчу кхечу левихошна а елира гІаланаш. Забулан тайпано дІакъастийра: ЯкхнаІам а, цуьнан аренаш а, Кхартахь а, цуьнан аренаш а, Димна а, цуьнан аренаш а, НахІлал а, цуьнан аренаш а. Йиъ гІала. Раабанан тайпано елира Бацар-гІала а, цуьнан аренаш а, ЯхІац-гІала а, цуьнан аренаш а, Кхадимут-гІала а, цуьнан аренаш а, МейпаІат-гІала, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гІала яра. Гадин тайпанах болчу наха елира гІаланаш: ГалІад-махкахь йолу, шена чохь лурбоьлла нах дІаловчкъу Рамат-гІала а, цуьнан аренаш а, Махьанайм а, цуьнан аренаш а. Кхин а елира Хьешбон-гІала а, цуьнан аренаш а, ЯІзир-гІала а, цуьнан аренаш а. Цара елларг йиъ гІала яра. Кхаж тасарца Мерарин тІаьхьенах болчу левихошна кхаьчнарг шийтта гІала яра.
Выбор основного перевода