Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Со шуна юккъехь тІевеана стаг ву, со кхузара а вац. Зуда дІаерзо меттиг яц сан тахана, цхьажимма латта дохкийша суна зуда дІаерзо», – элира цо цу нахе. Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугІуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхІар хир ду, хІунда аьлча дерриг а Латта Сан ду. Яккхийе, стигалш, Везачу Элаца цхьаьна! Цунна хьалха охьатаьІийла стигалшкахь мел берш! Даккхийде, къаьмнаш, Цуьнан халкъаца цхьаьна! ЧІагІлойла Делан долу массо а маликаш! Цо бекхам бийр бу Шен ялхошна тІера, Цо бекхам бийр бу Шен мостагІашна, Шен лаьттан а, Шен халкъан а къинош дІадохур ду!» ХІунда аьлча Хьуна хьалха хан яккха даьхкинарш ду тхо, кхелхина лелаш долу, тхайн хилла болу дай санна. ДІадолуш долу ІиндагІ санна, ду тхан кху лаьттара денош, тІаьхьало йолуш хІумма а дац кхузахь. тІаккха Айса деллачу Сайн лаьтта тІера Исраилан халкъ орамашца дІадоккхур ду Ас. Ткъа хІара Сайн цІе язъян Айса къобалдина ЦІа Сайна дуьхьалара дІадоккхур ду. ТІаккха дерриге а халкъашна хьалхахь кицанаш а далош, беламаш а беш, цІе йохуьйтур ю Ас хІокху Сайн цІийнан. Веза Эла, сан доІа дІахазахьа, сан узарийн тергам бехьа. Сан бІаьрхишна дуьхьал жоп ца луш ма Іехьа. ХІунда аьлча со кхузахь Хьан хьаша санна ву, сан берриге а дай санна, со тІевеанарг а ву. Веза Эла! Хьайн махкана диканиг дина Ахьа, Якъубан тІаьхье юхаметтахІоттийна Ахьа. Уьш Везачу Элан лаьтта тІехь бехар бац: эпраймхой а Мисар-махка юхабоьрзур бу, цара Ашур-махкахь хьарамниг юур ю. ТІаккха Везачу Элана Шен латта чІогІа дукхадийзира. Цо Шен долахь долчу халкъах къинхетам бира. Ас массо а къаьмнаш схьагулдийр ду. Уьш ЯхІушапти-тогІи чу схьадалор ду Ас. Цигахь Ас царна тІехь кхел йийр ю Сайн долахь долу Исраилан халкъ бахьана долуш. ХІунда аьлча цара Сан халкъ къаьмнашна юкъахь дІасадаржийна, Сан латта а цара дІасадекъна. Уьш берриге а, тешар а долуш, белла, лур ду аьлларш схьа а эцаза. Амма царна и хІуманаш геннахь гина, уьш царах баккхийбеш хилла. Цара шайх лаьцна аьлла, шаьш девлла леларш а, тІедаьхкина нах а ду лаьтта тІехь. Сан хьоменаш, аренца лелаш, дуьнен чу даьхкина хьеший шу долу дела, доьху ас шуьга, синца тІом бечу дегІан лаамех ларлолаш.
Выбор основного перевода