Шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна Веза Эла ву Со. ЦІена хилалаш, хІунда аьлча Со а ву цІена.
Сан еза цІе сийсаз ма е, исраилхойн дерриг а халкъо Со веза хилар къобалдан деза. Шу даздеш волу Веза Эла ву Со.
Шун Дела хилархьама, шу Мисар-махкара арадаьхна Ас. Со Веза Эла ву».