Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Якъубан тІаьхьенах къинхетам бийр бу, Исраилан халкъ юха а Шен халкъ санна схьакъастор ду Цо. Шайн лаьтта тІехь исраилхой баха ховшор бу Цо. Кхечу къаьмнех болу нах царах дІакхетар бу, Якъубан тІаьхьенах хотталур бу уьш. Къаьмнаша исраилхошна гІо а дийр ду, шайн меттиге юха а балор бу. Исраилан тІаьхьено кхечу къаьмнех болчу нехан дола дийр ду, уьш Везачу Элан лаьтта тІехь, леш а, гІарбашаш а санна хир бу. Шаьш йийсаре лаьцначарна хІинца йийсар дийр ду исраилхоша, шайна гІело йиначарна тІехь цара хІинца олалла дийр ду. Везачу Элана тІаьхьахІоьттина волчу кхечу къоман стага ма олийла: «Везачу Эло со билггал Шен халкъах дІакъастор ву». ВаьІна волчо а ма олийла: «Со дакъаделла дитт бен дац». Везачу Элана гІуллакх дан а, Цуьнан цІе еза а, Цуьнан ялхой хила а Цунна тІаьхьахІиттина болу, шоьтан денош лардеш а, Соьца бина барт чІогІа лоруш а болу кхечу къаьмнех берш
Выбор основного перевода