Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела кхин а чІогІа беза а, хала а белхаш бойтура цара исраилхошка. Мисархоша къахьдинера исраилхойн дахар, поппарца а, кибарчигашца а болу а, аренашкахь болу а беза белхаш бойтуш. Муьлхха а болх бойтура цара исраилхошка, къинхетам боцуш. Къорачунна сардам ма болла, бІаьрзечунна хьалха иза охьакхетийта хІума ма йилла. Хьайн Делах кхера. Со Веза Эла ву. Шайн тІаьхьенашна бита а мега аша уьш, кхин болу бахам санна. Уьш гуттар а церан долахь хир бу, леш а хилла. Ткъа шайн вежаршна-исраилхошна тІехь къизаллица олалла ма де. ХІора шарахь йолах тІелаьцначу белхалочуьнца санна хила деза шу цуьнца. ХІусамдега цунна тІехь ницкъ ма байта. Шу а, олахой, шайн лешца иштта лелалаш. Царна кхерамаш ма тийсалаш. Хаалаш, царна тІехь а, шайна тІехь а цхьа Олахо вуйла стигалшкахь, ткъа Цо цхьанна а озабезам ца бо. Элий, шайн лешца бакъо а, нийсо а лелош хилалаш. Диц ма делаш, шайна тІехь цхьа Эла хилар: стигалшкахь волу Веза Эла.
Выбор основного перевода