Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ша эцначунна мах дІатакха беза цо, ша воьхкинчу шарна тІера дуьйна меттахІотторан шарна тІекхаччалц. Шех делла долу ахча а, шераш мел ду а хьаьжна, дІадала деза цо, хІунда аьлча и стаг хІусамда волчохь тІелаьцна белхало санна хилла. Ткъа меттахІотторан шо тІекхача дуккха а шераш дуьсуш делахь, церан терахье а хьаьжна, ша юхаоьцуш деллачу ахчанал сов дІадала деза цо. Нагахь шераш кІезиг дуьсуш делахь, уьш дагар а дина, дІабала беза шех богІу мах.
Выбор основного перевода