Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхераме чкъуран цамгар йолу стаг, тІера бедарш этІийна а йолуш, коьртара месаш низамехь а йоцуш, хила веза. Бета тІе кхаччалц, коьртан лахе хьулйина хила еза цуьнан „ЦІена вац! ЦІена вац!“ – бохуш, мохь бетта беза цо. Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала динан дайшка, АхІаронан кІенташка: „Шайн халкъана юкъара веллачух куьг а тохий, шаьш Далла хьалха бех ма де. Динан коьрта да шен вежаршна юкъара хаьржина ву, коьрта тІе даьтта доттарца къобал а веш. Деза духарш тІедуха вазвина волчу цо сингаттам гайта шен коьртара месаш низам доцуш хилийта а ца еза, шен тІера бедарш этІо а ца еза. Ткъа цара, бертал охьа а эгна, элира: «Дела! Муьлххачу а дегІана чохь долчу синан Дела! Цхьана стага къа латийна хилча, Хьо дерриге а халкъана оьгІазгІур ву те?» Мусас АхІароне элира: «Хьайн ной схьа а эцна, цу чу хаза хьожа йогІу сегІаз а, кхерча чуьра богуш болу кІора а биллина, сихонца халкъана тІе а вахана, ахьа царна тІера къинош дІадахаран Іадат кхочушдан деза, хІунда аьлча Везачу Элера оьгІазло схьаяьлла, халкъана цамгаран ун кхетийтина». Ткъа шу Везачу Элах дІадирзина тахана! Шу тахана цунна дуьхьал девлла, ткъа кхана Иза дерриг а Исраилан халкъана оьгІазгІур ву. Шайн долахь долу латта шайна цІена ца хетахь, Везачу Элан долахь долчу лаьтта тІе довла. Цу тІехь Цуьнан деза четар ду. Тхуна юккъехь шайна латта схьаэца, амма Везачу Элана а, тхуна а дуьхьал ма довла, вайн Везачу Далла сагІа доккхург боцург, кхин кхерч а бай. Хьарам динчунна тІера хІума схьа а эцна, зулам динарг Зерахьан кІант цхьа Іахан бен вацара, ткъа оьгІазалла берриг а исраилхошна тІе йоьссира. И цхьаъ велла ца Іара шен зулам бахьана долуш“». «Адаман кІант! Хьуна дукхаезашъерг хьоьгара схьаяккха воллу Со. Иза кестта лийр ю, амма хьо гІайгІане лела ца веза, бІаьрхиш дийла ца деза хьан бІаьргех. Цхьанна а ца хозуьйтуш, даккхий синош даха, чІогІа тийжа а ца тийжаш. Хьайн коьртара чалба дІа а ма яста, мачаш кога а юха, хьайн маж къайла а ма яккха, тийжаран кхача а ма баа».
Выбор основного перевода