Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхерчана тІе а вахана, шена тІера, къинан сагІина лерина, старана урс хьаькхира АхІарона. Юха дийнаташ дагоран сагІина леринчу бежанна урс хьаькхира АхІарона. Цуьнан кІенташа цІий тІедеара цунна. Цо иза массо а агІор кхерчана тІе туьйхира. Цул тІаьхьа АхІарона халкъан сагІа даьккхира. Халкъана тІера долчу къинан сагІина лерина йолу бож схьа а эцна, ен а йийна, и къинан сагІа Везачу Элана даьккхира цо, хьалха шена тІера сагІа даккхаре терра. Дийнаташ дагоран сагІа а даьккхира цо, Везачу Эло тІе-ма-диллара. ХІунда оьшу Суна Шебера хаза хьожа йогІу сегІаз а, генарчу махкара мерза эрз а? Суна ца оьшу шуьгара дийнаташ дагоран сагІанаш, иштта кхидолу шун сагІанаш а Суна тамехь дац». Цара марханаш кхабахь а, цара орца даккхаре ладугІур долуш вац Со. Дийнаташ дагоран я кІен сагІанаш цара Суна дахахь а, Аса уьш тІеоьцур бац. Мелхо а, туьраца, мацаллица, Іожаллин уьнца хІаллакбийр бу Аса уьш». Цара Везачу Элана чагІаран сагІа дуттур дац. Иза резавархьама, дийнатийн сагІанаш даха церан таро хир яц. Церан бепиг Везачу Элан цІа чу дахьа таро йоцу Дела, иза Далла хьалха боьха хир ду, и бепиг церан гайна бен кхача хир бац. И бепиг диънарш массо а Далла хьалха боьха хир бу, тезетахь дууш долу бепиг иза долуш санна. Цул гІолехь хир дара, сагІа доккхучу Сан кхерчана тІехь эрна цІе ца латторхьама, шух цхьаммо Сан цІийнан неІарш дІакъевлинехь. Сан безам бац шуьга, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – шун куьйгаша деанарг Суна тамехь хир дац.
Выбор основного перевода