Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Далла хьалха боьхачух цІенаниг а, даа мегачу дийнатех даа ца мегарш дІакъасто хаийтархьама билгалдаьккхина долу“». Хьанал даьхни хьарамчух а, хьанал олхазарш хьарамчарах а дІакъасто деза аша. Ас хьарам ду аьлла даьхни а, олхазарш а, лаьтта тІехула текхаш ерш а яий, шаьш бех ма де. Мехкан динан дайша Сан товрат-хьехамаш дІа а тотту, Суна лерина хІуманаш сийсаз а йоху, дезаниг деза доцучух дІа ца къастадо, иштта хьанал дерг хьарамчух а дІа ца къастадо. Цара Суна лерина шоьтан де а ца лору. И хІума лелорца Цара Со а бехво. Цара Іамо деза Сан халкъана дезаниг деза доцучух къасто а, иштта Суна хьалха цІенаниг боьхачух схьакъасто а.
Выбор основного перевода