Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И дерриг а АхІаронан а, цуьнан кІентийн а кара дилла. ТІаккха цаьрга и хІуманаш Везачу Элана лерина шатайпа сагІа санна хьалаайийта. Юха, цаьргара схьа а эций, сагІа доккхучу кхерча тІехь, дийнат дагоран сагІина тІехь, ягае уьш, Везачу Элана тамехь хьожа кхетийта. Иза цІера тІехь даьккхина сагІа ду. АхІарон вазваран коьман накха схьа а эций, Везачу Элана лерина шатайпа сагІа санна хьалаайа иза. Вазваран коьмах АхІаронна а, цуьнан кІенташна а лерина дакъош схьакъастаде Суна: хьалаайина накха а, гІогІ а. ТІейогІу йолчу хенахь исраилхоша гуттар а АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дІалун долу дакъош хир ду уьш. И сацам Ас гуттаренна а бина. И дакъош исраилхоша Суна луш долу совгІат ду, цара бертан сагІанаш дохучу хенахь. «ДІаала исраилхошка: „Везачу Элана лерина бертан сагІа доккхуш волчо цу сагІин цхьа дакъа Везачу Элана хьалха дахьа деза. Шен куьйгашца цІера тІехь доккху сагІа схьадан деза цо. Шатайпа сагІа санна, Везачу Элана хьалха дахьа деза цо махьарца долу некха тІера жижиг. Мохь динан дас кхерча тІехь ягор ю, ткъа некха тІера жижиг АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дуьсур ду. ХІунда аьлча Ас исраилхошкара бертан сагІанах шатайпа сагІина луш долу некхан жижиг а, совгІатна луш долу аьтту гІогІ а, схьа а эцна, АхІаронна а, цуьнан кІенташна а дІаделла. Исраилан халкъо гуттар а иза динан дайшна дІадала дезаш ду. Исраилан халкъо, хьала а айина, шатайпа сагІа санна, Суна лерина деана совгІаташ а дерриг а хьан хир ду. Иза Аса хьуна а, хьан кІенташна а, йоІаршна а гуттаренна а дІало. Хьан доьзалехь цІена волчу хІораммо а даа мегар ду иза.
Выбор основного перевода