Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «АхІароне а, цуьнан кІенташка а дІаала: къинах долчу сагІанах лаьцна тІедиллинарг иштта ду. Дийнаташ дагоран сагІина бежанаш дойучу меттехь Везачу Элана хьалха урс хьакха деза къинах долчу сагІина далийначу дийнатна. Иза чІогІа деза сагІа ду. Къинах долу сагІа доккхуш волчу динан дас даа деза и сагІа. Гуламан четар лаьттачу кертахь, езачу меттехь, даа деза цо иза. Цу сагІин жижигах хьакхаделларг дерриг а деза ду. Цуьнан цІий тІе а кхетта, бедарш бехйинехь, езачу меттехь хица цІанъян еза уьш. Кхийрачу пхьегІи чохь цуьнан жижиг кхехкийнехь, и пхьегІа йохо еза. ЦІестан пхьегІи чохь иза кхехкийнехь, и пхьегІа цІан а йина, йила еза. Динан дайх болчу берриг а божарша даа мега и сагІа. Иза чІогІа деза сагІа ду. Нагахь Езачу Меттехь адамийн къинош дІадахархьама, къинах долчу сагІин цІий гуламан четарна чу даьхьнехь, и сагІа даа мегар дац. Иза цІера тІехь даго деза».
Выбор основного перевода