Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Хьайн ваша АхІарон а, цуьнан кІентий а исраилхошна юкъара схьа а къастабай, царах Суна гІуллакх деш болу динан дай бе. Уьш АхІарон а, цуьнан кІентий: Надаб а, АбихІу а, ЭлиІазар а, Итамар а хила беза. Цу кхерча тІехь кхин йолу хІума ма ягае, дийнаташ дагоран а, кІен а сагІанаш ма даха цу тІехь, иштта, чагІаран сагІа ма дитта цу тІе. Везачу Элана хьалха болчу сагІа доккхучу кхерча тІера богуш болчу кІоранах юьззина ной а, ши кана юьззина кегийра аьтта долу хаза хьожа йогІу сегІаз а, схьа а эцна, кирхьанна тІехьа йолчу уггар езачу чоьнна чухьур ду АхІарона. Уьш яра динан дай хиллачу Далла гІуллакх дан леррина къобалбинчу АхІаронан кІентийн цІераш. Надаб а, АбихІу а Везачу Элана хьалха велира, цара Синай цІе йолчу яьссачу арахь лато магийна йоцу цІе Цунна хьалха еача. Ткъа цу шиннан бераш хилла а дацара. Шайн да АхІарон дийна мел волчу хенахь, ЭлиІазара а, Итамара а Далла, динан дайша санна, гІуллакх дора. Надаб а, АбихІу а шайн дел хьалха дІакхелхинера. Церан кІентий ца хилира, цундела динан дай санна гІуллакх деш ЭлиІазар а, Итамар а вара.
Выбор основного перевода