Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Веза Эла волчу Суна улло богІу динан дай а тІехь шаьш-шайн базбина хила беза, Соьга шаьш лаза ца байта». АхІарон а, цуьнан кІентий а, тІе даьтта а доттий, базбе, Суна гІуллакх деш динан дай царах хилийта. Шайн Далла хьалха цІена хила беза уьш, Цуьнан цІе сийсазъян ца еза цара, хІунда аьлча Везачу Элана лерина цІера тІехь сагІанаш дохурш бу уьш, ткъа и сагІанаш Делан кхача бу. Цундела цІена хилар тІехь ду царна. Цо соьга элира: «Хьо Сан Ялхо ву, Исраил саннарг, Хьоьгахула Сайна хастамаш бойтур бу Аса». Шаьш дІасадаржийначу кхечу къаьмнаш юкъара Аса шу ара а даьхча, кхечу мехкашкара Аса шу схьа а гулдича, шу, хаза хьожа йогІу хІума санна, тІеоьцур ду Аса. Кхечу къаьмнашна хьалха шуьгахула дІагойтур ду Аса Со веза хилар. ДІаала цуьнга, Хьалдолчу Эло хІара боху алий: „ЦІадан-гІала, Со хьуна дуьхьалвер ву. Хьуна чохь Со гІаравер ву. Ас шайна кхел йинчул тІаьхьа а, Сайн возалла шайна юкъахь Аса гучуяьккхинчул тІаьхьа а, хуур ду хьан адамашна, Со Веза Эла вуйла.
Выбор основного перевода